1
Марк 10:45
Делан Йозанаш
ХӀунда аьлча Адамийн КӀант Шена хьалхара гӀуллакх дайта ца веана, амма Ша гӀуллакх дан а, Шен дахар дӀадала а веана, дукхахболчеран къинош дӀатакхархьама».
Compare
Explore Марк 10:45
2
Марк 10:27
Цаьрга а хьоьжуш, Ӏийсас элира: «Иза адамашка далур долуш хӀума дац, амма Деле далур ду, Дела дерриге а дан ницкъ болуш волу дела».
Explore Марк 10:27
3
Марк 10:52
Ӏийсас элира: «ДӀавало, хьан тешаро кӀелхьарваьккхи хьо». Цу сохьта бӀаьрса а деана, Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттина некъахула вахара иза.
Explore Марк 10:52
4
Марк 10:9
цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!»
Explore Марк 10:9
5
Марк 10:21
Ӏийсас, цуьнга хьажа а хьаьжна, и везавелла элира: «Цхьа хӀума юкъахдитина ахьа. Хьайн долахь мел дерг дӀа а дохкий, къечарна дӀасадекъа, тӀаккха стигалахь жовхӀар хир ду хьан. Цул тӀаьхьа, схьа а волий, Суна тӀаьхьахӀотта».
Explore Марк 10:21
6
Марк 10:51
«Хьуна хӀун оьшу Соьгара?» – хаьттира Ӏийсас. БӀаьрзечо элира Цуьнга: «Устаз! БӀаьрса ган лаьа суна».
Explore Марк 10:51
7
Марк 10:43
Амма шуна юкъахь ма хуьлийла иштта. Ткъа шуна юкъахь лакхара хила лууш верг шун ялхо хуьлийла
Explore Марк 10:43
8
Марк 10:15
Билггала боху шуьга: беро санна, Делан Олалла тӀе ца лоцуш верг цкъа а Делаца хир вац».
Explore Марк 10:15
9
Марк 10:31
Амма хӀинца хьалхе йоккхуш болу дукхахберш тӀаьхьара хир бу, ткъа тӀаьхьарнаш хьалхара хир бу».
Explore Марк 10:31
10
Марк 10:6-8
Амма Дала дуьне кхуллучу хенахь, „Цо и шиъ стаггий, зудий кхоьллина“. „Иза бахьана долуш, шен дай-наний а дитина, стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву. ТӀаккха и шиъ цхьаъ хир ду“. ХӀинца уьш шиъ доцуш, цхьаъ санна долу дела
Explore Марк 10:6-8
Home
Bible
Plans
Videos