Цкъа цхьана гӀалахь вара Ӏийса. Оцу гӀалахь вехаш вара цхьа стаг, дӀа ца йоьрзу йолу чкъуран цамгар йолуш. Ӏийса шена гича, Цунна хьалха гора воьжна, дийхира оцу стага: «Эла! Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа», – аьлла.
ДӀакховдийна, цунах дӀа а Ӏоьттина, Ӏийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦӀанло!» Оцу сохьта цу стеган дегӀ цӀанделира.