Лака 4:9-12
Лака 4:9-12 CHE
Иблисо Ӏийса Ярушалайме а вигина, Делан цӀийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. «Хьо Делан КӀант велахь, – элира иблисо, – кхузара чукхоссало. Яздина ма ду: „Везачу Эло шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду, Хьо леррина ларве“, – аьлла. Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тӀехь дӀахьур ву хьо, хьан ког тӀулгах а ца тасаболуьйтуш“». Амма Ӏийсас цунна жоп делира: «„Хьайн Веза Дела зе ма гӀерта“, – аьлла, яздина ду».