Цуьнан хьехамех лаьцна ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро яздина:
«Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду:
„Везачу Элана некъ кечбе!
Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш!
ХӀора тогӀи хьалаюзур ю,
хӀора лам а, гу а охьахедар бу.
Харц некъаш нислур ду,
доьхнарш шарлур ду.
Массарна а гур ду
Дала адамаш кӀелхьардахар!“»