Малъаки 3:17-18
Малъаки 3:17-18 CHE
«Уьш Сан хир бу, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ас бекхам бечу дийнахь царах Сан долахь долу жовхӀар хир ду. Ас царах къинхетам бийр бу, дас шена гӀуллакх деш волчу кӀантах къинхетам баре терра. ТӀаккха юха а гур ю шуна хьаналчунна а, Ӏесачунна а, Далла гӀуллакх деш волчунна а, воцучунна а юкъахь йолу башхалла».