YouVersion Logo
Search Icon

Яхьъя 21:15-17

Яхьъя 21:15-17 CHE

Уьш яа хӀума йиина бевлча, ШамӀа-Кипе Ӏийсас элира: «Яхьъян кӀант ШамӀа! Царначул сов кӀорггера везий те хьуна Со?» Кипас элира: «ХӀаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». ТӀаккха Ӏийсас элира Кипе: «Сан Ӏахарий дажаде ахьа». ТӀаккха юха шозлагӀа а элира Ӏийсас Кипе: «Яхьъян кӀант ШамӀа, кӀорггера везий те хьуна Со?» Кипас жоп делира: «ХӀаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Ӏийсас элира цуьнга: «Сан уьстагӀийн Ӏу хила хьо». КхозлагӀа а элира Ӏийсас: «Яхьъян кӀант ШамӀа, везий те хьуна Со?» Кипина халахийтира, шега Ӏийсас кхозлагӀа а хаьттича: «Везий те хьуна Со?» – аьлла. ТӀаккха Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, Хьуна дерриг хаьа. Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Ӏийсас элира Кипе: «Сан уьстагӀий дажаде ахьа.