1
Марк 14:36
Делан Йозанаш
кхин а Цо элира: «Сан Дада! Дерриг а Хьан карахь ду, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а».
Compare
Explore Марк 14:36
2
Марк 14:38
Сема хила, доӀанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта. Са сема хуьлу, ткъа дилха эгӀаза ду».
Explore Марк 14:38
3
Марк 14:9
Аса баккъалла а боху шуьга: дерриг а дуьнен тӀехь, и хаза кхаъ кхайкхочу массо а меттехь, цу зудчо динарг, цуьнан сий айдеш, хьахор ду».
Explore Марк 14:9
4
Марк 14:34
Цо элира цаьрга: «Сан са Ӏожаллин гӀайгӀанехь ду. Аша кхузахь а совций, сема хан яккха».
Explore Марк 14:34
5
Марк 14:22
Цара хӀума юучу хенахь, Ӏийсас, бепиг схьа а эцна, доӀанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дӀа а кховдош, элира: «Схьаэца – иза Сан дегӀ ду».
Explore Марк 14:22
6
Марк 14:23-24
ТӀаккха кад, схьа а эцна, Далла хастам а бина, Цо иза цаьрга дӀакховдийра, ткъа цара массара а цу чуьра дӀамелира. Ӏийсас элира цаьрга: «ХӀара Сан цӀий ду, Делаца бина барт чӀагӀдеш долу, дукхахболчеран дуьхьа Ӏенор долу.
Explore Марк 14:23-24
7
Марк 14:27
Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Аша массара а Со дӀатосур ву, хӀунда аьлча яздина ду: „Ӏуьнна чов йийр ю Аса, ткъа уьстагӀий дӀасадовдур ду“, – аьлла».
Explore Марк 14:27
8
Марк 14:42
Дуьйло, хьалагӀовтта! ХӀара ву Суна ямартло ен верг».
Explore Марк 14:42
9
Марк 14:30
ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Баккъалла а боху хьоьга: тховса, шозза нӀаьна кхайкхале, кхузза Сох дӀакъаьстар ву хьо».
Explore Марк 14:30
Home
Bible
Plans
Videos