1
Яхьъя 8:12
Делан Йозанаш
Цул тӀаьхьа юха а элира Ӏийсас нахе: «Со дуьненна елла серло ю. Суна тӀаьхьахӀоьттинарг бодашкахь лелар вац, амма цуьнан бакъдолчу дахаран серло хир ю».
Compare
Explore Яхьъя 8:12
2
Яхьъя 8:32
Шуна билггал долу бакъдерг а девзар ду, цу бакъдолчо шу паргӀат а дохур ду».
Explore Яхьъя 8:32
3
Яхьъя 8:31
Шех теша буьйлабеллачу яхӀудхошка Ӏийсас элира: «Нагахь шу Сан дош лардеш лелаш делахь, шу билггал Сан мурдаш ду.
Explore Яхьъя 8:31
4
Яхьъя 8:36
Иштта, нагахь Адамийн КӀанта шу паргӀатдахахь, шу билггал паргӀат хир ду.
Explore Яхьъя 8:36
5
Яхьъя 8:7
Ткъа цу наха Шега кхин а хеттарш дича, Ӏийсас, хьала а таьӀна, элира: «Шена тӀехь къа доцучо уггар хьалха тӀулг кхосса цунна тӀе».
Explore Яхьъя 8:7
6
Яхьъя 8:34
Ӏийсас царна жоп делира: «Баккъалла а боху Ас шуьга: хӀора къа латош верг цу къинан лай ву.
Explore Яхьъя 8:34
7
Яхьъя 8:10-11
Корта хьала а айина, Ӏийсас элира цу зудчуьнга: «Зуда, уьш мичахь бу? Цхьаммо а кхел ца йи хьуна?» Зудчо элира: «Цхьаммо а ца йи, Эла». «Аса а ца йо хьуна кхел, – элира Ӏийсас. – ДӀагӀо хьайна, амма кхул тӀаьхьа кхин иштта долу къинош ма летаде».
Explore Яхьъя 8:10-11
Home
Bible
Plans
Videos