1
Доладалар 37:5
Делан Йозанаш
Цкъа Юсупна гӀан гира. Цо иза вежаршна дийцира, царна Юсуп кхин а чӀогӀа ца вийзира.
Compare
Explore Доладалар 37:5
2
Доладалар 37:3
Исраил (я Якъуб) воккха стаг волчу хенахь дуьнен чу ваьлла вара Юсуп, цундела вукху кӀентел дукхавезара цунна иза. Цо Юсупна хаза кечдина духар делира.
Explore Доладалар 37:3
3
Доладалар 37:4
Шайл а алсам дена дукхавезийла хиъча, вежаршна Юсуп ца вийзира, цуьнца бертахь къамел дан а ца лаьара царна.
Explore Доладалар 37:4
4
Доладалар 37:9
Кхин цхьа гӀан а гира Юсупна, иза а вежаршна дийцира цо: «ЛадогӀийша, кхин цхьа гӀан а гира суна: хӀинца суна хьалха охьатаьӀаш малх а, бутт а, цхьайтта седа а бара».
Explore Доладалар 37:9
5
Доладалар 37:11
Вежарий хьоьгура цунах, амма дас дагахь латтадора и хилларг.
Explore Доладалар 37:11
6
Доладалар 37:6-7
Цо элира цаьрга: «ЛадогӀийша, суна хӀун гӀан гина. Вай кха тӀехь цӀевнаш доьхкуш дара. ЦӀеххьана сан цӀов, айа а белла, дӀанисбелира, шун цӀевнаш, цунна гонах а хӀиттина, цунна охьатаьӀира».
Explore Доладалар 37:6-7
7
Доладалар 37:20
Вен а вийна, гӀуна чу кхосса веза вай иза, цӀахь иза экхано виъна эр ду вай. ТӀаккха хуур ду вайна цуьнан гӀенех хӀун хуьлу».
Explore Доладалар 37:20
8
Доладалар 37:28
ИсмаьӀалан тӀаьхьенах болу и маданхойн совдегарш тӀехбовлучу хенахь вежарша Юсуп, гӀуна чуьра хьала а ваьккхина, ткъа детин ахчанах царна воьхкира. Цу наха иза Мисара дӀавигира.
Explore Доладалар 37:28
9
Доладалар 37:19
«Хьуьлла вогӀу хӀара гӀенаш гуш верг! – элира цара.
Explore Доладалар 37:19
10
Доладалар 37:18
Геннахь Юсуп тӀевогӀуш а гина, шайна и тӀекхачале вежарша барт бира иза вен.
Explore Доладалар 37:18
11
Доладалар 37:22
Кхин а элира цо: «ЦӀий ма Ӏанаделаш. Яьссачу арара оцу гӀуна чу кхосса иза, амма цунна тӀе куьг ма айа». Царах иза кӀелхьара а ваьккхина, да волчу дӀавахийта лууш вара Раабан.
Explore Доладалар 37:22
Home
Bible
Plans
Videos