Везачу Эло элира, цаьрга а хьаьжна:
«И массо адам цхьа халкъ а ду, массара а буьйцуш цхьа мотт бу, ткъа хӀун дан буьйлабелла уьш. ХӀинца дерриге а шайна дан дага догӀург ца далуш дуьсур дац церан. Дуьло, охьа а диссина, цара буьйцу мотт дӀаэбийр бу вай, уьш вовшаша дуьйцучух а ца кхоьтуьйтуш».